Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный колледж"

ЧГК: 25-г1а апрель – Нохчийн меттан де!

25.04.2020

   Къоман уггаре коьрта билгало–мотт бу. Къомо шен мотт хьалаайбар, цо шен синкхетам самабаккхар ду. Буьйцу мотт хаза болчу халкъан дахар а хуьлу ирсе. Вай мехкан Куьйгалхочо, Россин Турполхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указца «Нохчийн меттан Де» – д1акхайкина апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.

   Ткъа цу Нохчийн меттан денна лерина, «Нохчийн мотт-сан дозалла» ц1е йолуш, байтийн конкурсехь дакъа лецира Нохчийн пачхьалкхан колледжер студенташа. Нохчийн маттах лаьцна а, нохчийн меттан дозалла дуьйцуш а йолу байташ йоуьйтуш жигара дакъа лецира вайн студенташа.

Комиссин сацамца а, студенташна х1иттийначу т1едахкарийн жам1ашца а билгалделира:

1-г1а меттиг – Товгаева Радимхан, 2-чу курсер,  918,2 тобанан студентка.

Лаьа кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла толамхойн! Дала т1аьхье беркате йойла шу конкурсан декъашхой а, толамхой а! Ткъа, хьомсара махкахой! Аса даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!