Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный колледж"

ЧГК: В колледже провели мероприятие

09.02.2021

   В целях реализации Единой концепции по духовно-нравственному воспитанию в Чеченском государственном колледже прошли мероприятия на тему: «Г1иллакх, г1уллакх, оьздангалла». В работе круглого стола приняли участие старший воспитатель по ДНВ Межиев М. Б., преподаватель Асабаев А.Б.

Дакъа лоцуш виста хуьлуш Межиева Муслима элира:

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. «Оьздангалла» бохучу дешан мaьIнa шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх - иза адамаша, вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьал дIа xIopa стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца laш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.

Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Ieca гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду.

Делан Элчас - Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна - аьлла: «ГIиллакх - динан ах ду».

Ткъа вайнехан, хаза гIиллакхаш, лехьийна а, гулдина а ца валлал шорта ду. Царех коьртаниг, воккханиг ларар ду. Вай дайша дуьйцура: "Шеца иман доцчунгахь - гIиллакх ца хуьлу. ГIиллакх доцчунгахь - оьздангалла ца хуьлу. Оьздангалла йоцчунгахь - яхь ца хуьлу. Яхь йоцчунгахь - доьналла ца хуьлу. Доьналла доцург - комаьрша ца хуьлу. Комаьрша воцург - стаг вац" -олий.

Дерриге а къоман Iадаташ - сий, яхь, оьздангалла, гергарлонаш, безараш, башараш, эшараш, доттагIаллаш а, кхин дIа долу дерриге а хIуманаш - гIиллакхан сибатех дара. Вайн заманахь, и тайпа хIуманаш а гIилакхаш а, хабаршца бен дисна а дац. Ларош берш, кIезга бу.

Иштта, мел дукха дийцарах, кхачалур дац, вайнехан хаза гIиллакхаш.

Оцу АллахI Дала, духадерзадойла вайн юкъаметтигаш латтийна долу, хаза гIиллакхаш!