Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный колледж"

ЧГК: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна»

18.02.2021

Нохчийн пачхьалкхан колледжехь д1абаьхьира кхитош-кхиоран болх «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна» ц1е йолуш. Вайн оьзда г1иллакхаш, ламасташ карладохуш, хестош, дешархойн хаарш толлуш бара болх-къийсадаларш. Д1ахьочу белхийн мах хадо кийча яра хьехархойх лаьтташ жюрин тоба: Межиев М.Б., Агаева З.А., Асабаев А.Б.

Къийсадаларш ворх1 т1едилларх лаьтташ дара: г1иллакхе аларш; байташ; кицанаш; шира дийцарш. Даьстира г1иллакх, сий, собар, тешам, яхь, ларам бохучу дешнийн маь1наш.

Лаккхара хаарш гайтира «Даймохк», «Ден къамел» ц1е йолчу тобанаша.

Ткъа хьалхара меттиг яьккхира «Ден къамел» ц1е йолчу тобано. Грамоташ яларца къастийра дешархой.