«Нохчийн г1иллакхийн хазна»
24.11.2022Нохчийн меттан хьехархочо Кусариева Л.Д. д1адаьхьира дешархошна йукъахь «Нохчийн г1иллакхийн хазна» ц1е йолу ловзар-къовсадалар.
Нохчийн меттан хьехархочо Кусариева Л.Д. д1адаьхьира дешархошна йукъахь «Нохчийн г1иллакхийн хазна» ц1е йолу ловзар-къовсадалар.
Ловзуш ерг кхо тоба яра, пхиппа декъашхо а волуш. Тобийн ц1ерш яра: «Седарчий» (ТЭК 922), «Маршо» (СВ 922.1), «Даймохк» (МОЦИ 922.1).
Х1ора къовсам лаьтта ткъе пхеа хаттарх, г1иллакхех лаьцна кицанаш далош.
Ловзар-къовсадалар д1адирзира «Седарчий» тобанан толамца.
Мероприятин 1алашо: Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар. Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш уьш лардан дезарх кхетош-кхиор.
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла цхьа лекха б1ов йу, вайн къоман х1ора чкъуро цхьацца т1улг буьллуш йоьттина лакхайаьккхина. Цундела, х1ора нохчочун декхар ду и б1ов 1алашйар, иза кхин а лакхайаккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг ойла ца йеш, дайн г1иллакхаш йемал деш, д1атийса волалахь цо оцу б1аьвнан юккъера т1улгаш д1адоху. Ткъа и тайпана нах алсам бевлча и б1ов чухарцарна кхерам а бу. Нагахь вай х1орамма а и г1иллакх-оьздангаллин г1ала 1алашйахь вайн леларца, дистхиларца, дечу г1уллакхашца - и б1ов лаьттар йу, нохчийн къам мел деха. «Г1иллакх йалсаманера схьадеъна», йалсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»
Лаахь шайна адам довза,
Цуьнан г1иллакхашка хьовса,
Мах хадабай хетарехь,
Гал ма довла дахарехь!
Далла т1аьхье беркате хуьлда вайн!