Творческий час с поэтессой
20.12.2022Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, хьошалг1ахь йара къона т1екхиъначу чкъурах йолу поэтесса Халикова Асет.
Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, хьошалг1ахь йара къона т1екхиъначу чкъурах йолу поэтесса Халикова Асет.
Цуьнца «Дахаран жайна» ц1е йолу цхьаьнакхетар д1адаьхьира.
1алашо йара: къона т1екхиъначу чкъурах йолу поэтесса йовзийтар; цуьнан байташ йешар, чулацам таллар; дешархойн шен литературе, Даймахке, халкъе, дахаре ц1ена хьанал йолу ойланаш алсамйахар, безам ч1аг1бар; байташ йазйан дог-ойла кхиор.
Довзийтира тахана деза хилар нохчийн мотт а, литература кхиар, х1унда аьлча мотт ларбар,литература кхиор, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш,оьздангалла , къоман истори ларар ду.
Суденташа йийшира байташ. Уьш йара Деле до1а деш, Даймахках, ненах, 1аламах, безамах.
Сан Даймохк – дезачу, цIеначу беркатан латта! Делан дош лардина, бусалба дог долу латта! Эвлъяийн, устазийн цIеналло хаздина латта, Са цIена, сурт хаза, хIинцачух хьо тхуна латта!
(ДоIа)
Бераллехь сан дог ахь дIадоьхуш хьайца, Дика а, вуон а сайн лан лууш хьоьца, Сан Даймохк, кхиъна со, хьан сих са хьерчаш, Амалш сайн карийна хьан лаьмнийн кхерчахь…
(Даймохк)
Уггаре хьомечу, сийлахьчу, турпалчу нанна лерина мог1анаш
Нана, хьан юьхь т1е дийшина шераш,
Хьан мерза къоналла шайна чохь яйна.
Дуьнено д1адийхи шеца хьан бераш,
Ткъа ахьа-м дика-вон, ца юхуш, лайна…
…Лаьттахь шел ирсениг ваьхна а воцуш,
Д1аг1ур ву къинт1ера яьккхинарг нана…
(Нана)
«Дахаран цхьамза» ц1е йолу, историйн хиламаш карлабохуш йолу поэмех лаьцна хаттарш делира авторе.
Хезнера, поэма цхьана буса йазйина йу аьлла…
Дин, дахар, дахаран цхьамза…
Цхьамзано ша гуо баккхарца вайн дахар д1адахьар…..
Цхьаьнакхетар баркаллица дерзош, студенташа шаьш цунна йазйина (пожелание) мог1анаш дийшира.