Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный колледж"

Литературни суьйре "Нохчийн мотт - сан дахаран хазна"

23.12.2023

2023-чу шеран г1уран беттан 22-чу дийнахь, Нохчийн меттан шарна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, "Нохчийн мотт - сан дахаран хазна" литературни суьйре д1айаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас.

Литературни суьйре д1айаьхьира Нохчийн меттан сийлалла, хазалла, ненан мотт хааран мехалалла йуьйцуш.

Цхьаьнакхетаран 1алашо йара дешархойн Даймахке, халкъе, дахаре ц1ена хьанал йолу ойланаш алсамйахар; ненан матте, литературе безам алсамбаккхар; вайн  къоман ламасташ, г1иллакхаш дийцаре дар, карладахар. Цигахь дакъалецира колледжан студенташа. Суьйре, массо а декъашхойн самукъа а доккхуш, дIайаьхьира.

Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу.  Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу.

Нохчийн мотт - вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна йу. Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!