"Ненан мотт-дахаран хазна" ловзар-къовсадалар
25.04.2024В Чеченском государственном колледже проходит Неделя чеченского языка
2024-чу шеран оханан беттан 24-чу дийнахь, Нохчийн меттан Денна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, "Ненан мотт-дахаран хазна" ловзар-къовсадалар д1адаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас.
Ловзар-къовсадалар д1адаьхьира Нохчийн меттан сийлалла, хазалла, ненан мотт хааран мехалалла йуьйцуш. Цхьаьнакхетаран 1алашо йара дешархошна Ненан мотт хазбар. Нохчийн хаза, оьзда г1иллакхаш, халкъан барта кхолларалла, истори хаар зер.
Цигахь дакъалецира ДП-923.1; ДОУ-923.1; МРА-923.1; ТЭК-923. группийн студенташа. Хьалхара меттиг йеккхира ДОУ-923,1 группин дешархоша.Ловзар, массо а декъашхойн самукъа а доккхуш, дIадаьхьира, дерзош толам баьккхинчу тобанна грамота а йелира.
Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт - вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна йу.
Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!