«Нохчийн мотт- сан къоман аз»
25.04.2024Нохчийн пачхьалкъан колледжехь д1адаьхьира вовшахкхетар «Нохчийн мотт- сан къоман аз» ц1е йолу.
Нохчийн пачхьалкъан колледжехь д1адаьхьира вовшахкхетар «Нохчийн мотт- сан къоман аз» ц1е йолу. И ц1ей нохчийн меттан де даздарна лерина дара.
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о йу нохчийн мотт» Кадыров Ахьмад –Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) дешнаш, боккхачу лерамца, карладехира.
Дешархоша йийшира вайн поэтийн байташ. Нохчийн матте, Даймахке, нене, халкъе, дахаре йолу ойланаш алсамйохуш.
Йахь, доьналла, оьздангалла, сийлалла шайгахь йолу дийцарш дийцира
Т1еч1аг1дира вайн маттаца халкъан сий, къонахчун йахь, адамаллин хьекъал,кхетам хилар.
Дагах хьакхалуш, оьздачу дешнашца бийцира турпалхой. Гайтира видеороликаш.
Къа мел хьегначарна а, ла мел доьг1начарна а баркалла олуш, нохчийн меттан денна лерина барам берзийра.