Этнографический диктант«Бовза, беза ненан мотт!»
27.02.2025Нохчийн пачхьалкхан колледжехь 2025-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь дӀайаьхьира Дуьненайукъарчу ненан меттан денна а, Нохчийн меттан денна а лерина «Бовза, беза ненан мотт!» цӀе йолу этнографин диктант.
Нохчийн пачхьалкхан колледжехь 2025-чу шеран чиллин беттан 27-чу дийнахь дӀайаьхьира Дуьненайукъарчу ненан меттан денна а, Нохчийн меттан денна а лерина «Бовза, беза ненан мотт!» цӀе йолу этнографин диктант.
Диктантан Ӏалашонаш:
– диктантан декъашхойн нохчийн маттах долчу хаарийн тӀегӀа билгалйаккхар;
– диктантан декъашхойн шайн ненан (нохчийн) маттах долчу хаарийн барамах, мехаллех лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а.
– эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхоллар.
Диктант йазйеш жигара дакъалецира 30 стага. Диктантан чулацамехь 80 тӀедиллар дара; царах 40 тӀедиллар нохчийн меттан, 40 – литературин.
Диктантан декъашхоша шайна ненан мотт безар, шайн цуьнга марзо хилар гайтира. Хьалха хӀиттийнчу хаттаршна кхоччучу барамехь жоьпаш делира дукхахболчара.
Ненан мотт диктантан декъашхошна бевзаш, безаш хилар бӀаьрла дара цара кхочушбинчу белхаш тӀехь.