Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Чеченский государственный колледж"

«Беза, бовза НОХЧИЙН МОТТ» ц1е йолу къийсадаларш

24.04.2025

Оханан беттан ткъе доьалг1ачу дийнахь колледжехь «Беза, бовза НОХЧИЙН МОТТ» ц1е йолу къийсадаларш  д1адаьхьира Нохчийн къоман поэтийн байташ 1амийнера дешархоша

Оханан беттан ткъе доьалг1ачу дийнахь колледжехь «Беза, бовза НОХЧИЙН МОТТ» ц1е йолу къийсадаларш  д1адаьхьира Нохчийн къоман поэтийн байташ 1амийнера дешархоша.

Нана, Ненан мотт,  Вайн къоман турпалхой, Сийлахь  Даймохк хестош йара уьш.

Шена Дала белла мотт кхиош, ц1ена буьйцуш, ларбеш  вахар сийлахь а, деза а хилар т1еч1аг1дира.

Йешначу байтийн мах хадийра жюрис, билгалйехира меттигаш:

1-ра меттиг- Ахматова Медина –ДОУ-923.1

                             Сугаипов Мохьмад-СВ-924.1

                             Такаева Амина-ТД-924

2-г1а меттиг- Сулиманова Джамиля – ДОУ-923.3

                                Бегичев 1умар –МРА-924.1

                               Вазербиева Седа –ДОУ-923.3

Колледжан хьехархоша, шайн къамелехь, билгалдира дикачу

тlаьхьенах тешна хилар. Дикачу наха деш ду меттан сий,   къомах къам.

Къомах дика цlе йоккхуьйтурш а бу къоман дика нах, хьекъал долу нах.

Дика нах бахьана долуш лаьтташ бу вайн мотт а,  хlара мохк а дика нах бахьана долуш  латта безаш а бу мотт а, хlара мохк а!