Нохчийн меттан а, литературан а олимпиада
23.04.2025Оханан беттан 23-чу дийнахь нохчийн меттан а, литературан а олимпиада д1айаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан колледжехь
Оханан беттан 23-чу дийнахь нохчийн меттан а, литературан а олимпиада д1айаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан колледжехь.
Студенташна йукъахь д1адаьхьира нохчийн меттан а, литературан а къовсадаларш. Дакъалоцуш пхийтта студент вара.
Цу къовсаршкахь I-ра меттиг йаьккхира ЭБУ 922.3 группин дешархочо Кушиева Дианас, II-меттиг йаьккхира ДОУ 924.3 группин дешархочо Вазербиева Седас. III-меттиг йаьккхира УПТ 922 группин дешархочо Итаев Абубакара.
Церан къовсарш кечдинарш а, д1адаьхьнарг а йара нохчийн меттан хьехархо Кусариева Луиза Даудовна.
Цхьаьнакхетаран 1алашо йара ненан маттах, литературах долу хаарш садахар, зер; - ненан матте шовкъ кхоллар, цуьнца йолу уьйр-марзо ч1аг1йар, цуьнан йистйоцу хазалла, бухбоцу маь1на довзийтар; - нохчийн къоман г1иллакхашка, ламасташка болу лерам совбаккхар.